Оригинальный текст и слова песни Вирд — мел балар:

Вирдан мел

Суьли махкара а вай махкара а молланаш вовшех кхетта, Хьажи волчу (Дала къайле тайойла цунна) бахана хилла, цара цигахь Хьажига аьлла хилла.
— «Хьан вала меттиг боцуш долу хьан гIалат гуча даккха даьхкина тхо» — аьлла.
— «Дела реза хуьйла шуна, шен гIалат даьлча, гIалат даьллийла хууш, ша меттахIотта лууш, даьхкина ду-кха шу, бусулба дин вашалла ду-кха аш деънарг, муьлха ду шен гIалат, хьаалийша» — элира бахара Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).
— «Ахьа хьайн вирдан мел кхайкхош заманчохь, Шайхаш, Авлияаш , Устазаш балийна ахь юккъе, хIара Делан дин доккхуш, безачу сийлахь баьхкина болчу Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш ца балийна ахь, хьан вала меттиг боцуш гIалат ду-кха иза Киши воI» — элира бах.
ТIаккха Хьажас элира бахара:
— «Маржа Iеламнах яI, Iеламнах делахь дацахь Iаьрбийн мотт хууш нах ду-кха шу, ша цхьа хIума хоттур ду шуьга. Шайхаш бохучунна маьIан хIун ду?» — элира Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).
— «Шайхаш бохуш долчунна маьIан — Делан дин бахьана долуш Делан динца баккхий хилла нах бохург ду иза» — элира цара.

— «Делан дин бахьана долуш Делан динца баккхий хилларш уггара хьалха Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш бац?».
— «Авлияаш бохучунна маьIан хIун ду» — элира Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).
— «Делан дин бахьана долуш Делан герга хилла нах бу бохург ду» — элира цара.
— «Делан дин бахьана долуш Делан
герга хилларш уггара хьалха Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш бацара?».
— «Устазаш бохучунна маьIан хIун ду»
— «Делан динан некъаш халкъана карладохуш берш бу бохург ду-кха иза» — элира цара.
— «Делан динан некъаш халкъана карладаьхнарш, уггара хьалха Элчана доьзалаш, цуьнан асхьабаш бацара?».
Аша-м ша цкъа балийча волуьйтура, ша кхузза балийна уьш цу юккъе» — аьлла, Иласхана-юртара Хьажас (Дала къайле тайойла цунна).

Перевод на русский или английский язык текста песни — Вирд — мел балар исполнителя Хьамзат Эльханов:

0

Если нашли опечатку в тексте или переводе песни Вирд — мел балар, просим сообщить об этом в комментариях.

Если вы нашли ошибку, пожалуйста, выделите фрагмент текста и нажмите Ctrl+Enter.